Выбрать страницу
chechen ornament grey
5
(4)

 

 

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Ас далхийна иллеш хьолхур ду,
Сан къиношна Деле гечдар доьхуш,
Ас массарна вониг гечдийр ду,
Со везначийн бIаьргаш
тIаьххьара лоьхуш.

Хатуев Iабдулхьамид 1952-чу шеран сентябрь беттан I-чу дийнахь ГIиргIазойн махкахь вина. Цигахь аьлла цо дуьххьара нохчийн маттахь дош, цигахь яьккхина лаьтта тIехь дуьххьарлера гIулч а. Нохчашна шайн Даймахка, ГIум-Азин арахь кхойтта шо даьккхинчул тIаьхьа, цIаберза бакъо елча, цуьнан да-нана а деара цIа, Мескар-Эвла, шайн доьзал а балош. Мескар-Эвлахь хьалхарчу классе деша вахана Iабдулхьамид, кхиамца юккъера школа яекхъяьккхина, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша вахара, оьрсийн мотт, литература, нохчийн мотт, литература а хьехаран говзалла караерзо. Дика доьшуш а, стихаш, пьесаш, критически статьяш язъеш волчу Iабдулхьамидан стихотворени 1974-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан агIон тIехь араелира. Шеца цхьаьна доьшуш волчу шен доттагIчунна Сумбулатов Абузарана лерина язйина «Некъахо» — стихотворени яра иза. Сих-сиха араюьйлура цуьнан стихаш «Коммунизман байракх», «Комсомольское племя», «Грозненский рабочий», «Ленинан некъ» — газетийн агIонаш тIехь. Поэташлахь шен дашца, синхаамаш, ойланаш йовзийта а, дIакхачо а хаарца, башхачу меттан мукъамца къаьсташ билгалдаьлла похIма хиларна вовза волавелира къона поэт.

Студент волуш I-Хь.Хатуевн кхолларалла цуьнан накъосташна бен евзаш ца хиллехь, хIинца иза вевзара дика поэт, критик, журналист санна. Масех шарахь Мескар-Эвларчу юккъерчу школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болх а бина, дуккха а шерашкахь журналистикехь къахьийгира Iабдулхьамида. Цо цхьабосса дика язйора статьяш, фельетонаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Iабдулхьамидан дош Iалашоне кхочура, хьаькамийн сагатдеш, иза орцахваьллачарна гIо-накхосталла а кхочуш. Газетехь бечу балхо дIа ца хервира къона поэт литературах. Зорбанехь араевллачу нохчийн яздархойн говзарех шена хетарг а олуш, церан мах а хадош, статьяш, рецензеш а язйора цо. Уьш кхечара язйинчарех къаьсташ хуьлура маттаца а, хьежамашца а. Кегий пьесаш язъеш а вара Iабдулхьамид. Цуьнан цхьайолу пьесаш студенташа университетехь хIиттийра. Царех цхьаерш Нохч-ГIалгIайн телестудехь гайтира. КIеззиг а язъеш, дика язъечу поэтех вара Iабдулхьамид. Цундела цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш а, эшарш а халкъо, шен долуш санна, ша кхоьллича санна, тIеэцна. Синах хьаьрчаш, даг тIе дуьйшуш ду Iабдулхьамида иллеш, «хьалха кхолладелларш дешнаш ду-те я мукъам бу-те хIокху иллийн» — бохучу хаттаро жоп а лоьхуш. Мукъам а, дешнаш а вовшех ца къастало, яздешшехьа дешнаш синмукъамехь хилла дела. Синмукъам гIайгIанах боьзна волчу поэтан иллеш шовкъе ду, ладоьгIачийн ойла карзахйоккхуш, синтеме ялош. ЛадоьгIучаьрга шайца цхьаьна узам, мукъам байта ницкъ бу Iабдулхьамидан «Бусалба сан Нохчийчоь», «Аьрзунан илли», «Стиглара дIабайна седа», «Со дIаваьлча, юрт ма елхаелаш», «ТIаьххьара бал», «Iодикайойла, сийна беш», «ДоттагIа», «СО дIавоьду», «БIаьсте ер ю», «И дуьтуш лийр ду-те вай?», «ХIай, Латта, ахь гечдийр дуй?» кхин а иттаннаш цуьнан иллийн а, эшарийн а.

I-Хь.Хатуевс нохчийн маттахь нохчийн махках а, нохчийн халкъах а язйина дуккха стихаш зорбанехь арайийлина ингалсан, туркойн, сербийн, украинцийн а меттанашкахь. Турцехь книга а араяьлла поэтан. Дика язйора Iабдулхьамида стихаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Цунна тоьшалла ду цуьнан цхьайолчу стихех вовшахтоьхна «Бусалба сан Нохчийчоь», «Я веду себя на расстрел» — стихийн ши гулар.

Нохчийн литература кхиорехь юкъадиллина дакъа тидаме а эцна, НР-н Президента Р.А.Кадыровс поэтана Хатуев Iабдулхьамидана «Нохчийн халкъан яздархо» — сийлахь цIе елира.

Шена дукхабезачу Даймахках а, нохчийн халкъах а нохчийн халкъана дуккха а иллеш даьхна, «Iодикайойла, сийна беш», «Со дIавоьду», «Со дIаваьлча, юрт ма елхаелаш» доггаха баьхна волу Хатуев Iабдулхьамид 20II-чу шеран январь беттан 17-чу дийнахь Делан Iожалло вайна юкъара дIавигира. Дала гечдойла цунна. Алаза дош а, чекхдахаза иллеш а долуш вайна юкъара дIавахнехь а, халкъо дезаш тIеэцначу цуьнан иллеша вайн.

Хатуев Iабдулхьамидийн аудио чулацамаш (ЛАДОГIА)

НАПИШИТЕ ВАШИ КОММЕНТАРИИ НА ЭТОЙ СТРАНИЦЕ, БАРКАЛЛА!

 

 

Если вы нашли ошибку, пожалуйста, выделите фрагмент текста и нажмите Ctrl+Enter

telegram Подпишитесь для обновлений

Как вы оцениваете статью?

Средний рейтинг 5 / 5. Оценка 4

Если Вам понравилось...

Посетите нас на соцсетях!

wk stamp logo

 

 Получайте последние обновления и новости с сайта!


 

СПАСИБО, ВЫ УЖЕ ПОДПИСАНЫ!

Сообщить об опечатке

Текст, который будет отправлен нашим редакторам:

lamp web box pen badge Exclamation Triangle Check code