Выбрать страницу
chechen ornament grey
5
(2)

гIиллакх-оьздангаллин аларш девзийтар:

– Хи молуш: «Ахь хи молий?», – хаьттинчуьнга дуьхьал ала деза: «Ирс хуьлда хьан, гIозамолийла!»

– Хесахь, бешахь асар деш, я кхин гIуллакх деш воллучуьнга: «Хьекъийла хьан!» ала деза.

– Цхьа бохам хиллачуьнга: «Дала тIейогIу хан зен-зулам доцуш хуьлуьйтийла хьан!»

– Тезетан верасашка: (велларг воккха велахь) – «Дала гечдойла цунна. Дала къинхетам бойла цунах». Жиманиг веллачохь: «Дала эхартана пайде войла! Дала шапаIатан да войла!»
«Дала собар лойла шуна» – ала деза шинхьа а.

– ЦIена бедарш эцначуьнга: «Ирс долуш, гIоза лелайойла ахь, диканна юхийла!»

– Юург юуш тIекхаьчча: «ГIоза юург хуьлда хьан!»

– Йол хьокхуш, дIаюьллуш воллучуьнга: «ГIоза яориг хуьлда хьан!»

– Цхьа болх, гIуллакх деш воллучуьнга: «Ирс долуш хуьлда хьан!»

– Хьо хьошалгIа вахча: «Дика мел дерг догIийла шун хIусаме!»

– Жа, бажа бажочуьнга: «Дебийла хьан даьхни!»

– Атто эса дича: «Дебар беркате хуьлийла!»

– Мовлад доьшуьйтучуьнга, сагIа доккхучуьнга: «Айхьа дагалаьцначунна тIера Дала къобал дойла хьан мовлад-сагIа».

– Марха достуш: «Марха къобал хуьлда, яйна хало Дала меле юьллийла!»

– Шена некъ битинчуьнга: «Ирс хуьлда хьан, дукха вехийла (ехийла)!»

– Цхьанхьа ваха некъаволучуьнга: «Некъ дика хуьлда хьан! Марша гIойла хьо!»

– Керла балха ваханчуьнга: «Болх Дала беркате бойла! Ирс долуш хуьлда!»

– Керлачу хIусамашка ваьллачуьнга: «ХIусамаш Дала беркате йойла! Дика ма оьшийла шуна!»

– Цомгашчуьнга: «Дала маршалла дойла!», цамгарна гIоли хиллачуьнга: «Дала вочу балхах ларвойла, Дала маршалла дойла!»

 

Если вы нашли ошибку, пожалуйста, выделите фрагмент текста и нажмите Ctrl+Enter

Как вы оцениваете статью?

Средний рейтинг 5 / 5. Оценка 2

Если Вам понравилось...

Посетите нас на соцсетях!

wk stamp logo

 

 Получайте последние обновления и новости с сайта!


 

СПАСИБО, ВЫ УЖЕ ПОДПИСАНЫ!

Сообщить об опечатке

Текст, который будет отправлен нашим редакторам:

lamp web box pen badge Exclamation Triangle Check code