Р.Х. ДАДАШЕВ,
Н.Н. АЛЬБЕКОВ
Мотт даима а кхуьуш, къоман историн а, политикин а, культурин а таханалерчу хьолаца нислуш йолу цхьа шатайпа система ю. Амма иштта кхечу, мелла а политикин-культурин хьал тоьлаш долчу къаьмнаша а бо нохчийн маттана боккха тIеIаткъам [1, 34 агIо].ХIора поэта цхьа шатайпа исбаьхьа сурт хIоттадо Дуьненан Iаламийн бухбоцчу инзарех лаьцна. Сирлачу бIаьргаца, сема а, сакх а долчу сица бен ган йиш йоцучух говзачу дешнашца кхолий. Ш. Джамбековс билгал ма-даккхара: «Бакъволчу яздархочо, шена хьалха лаьтта эстетически декхарш кхочушдеш, исбаьхьаллин васташ кхуллуш, даима тидамехь латтайо шен турпалхойн амалш а, церан дерриг дахар а оьздангаллин баххашна тIехь хила дезаш хилар [2, 94 агIо].
Iаткъамца эдой, жовхIаран исбаьхьа кочар дой, охьадуьллу карзахечу дагна томе, безаме илли. Ткъа хIун ю Дуьненахь шен ницкъаца дош эшо хьал долу чIагIалла? Я буй-те барт, безам яьссачу къораллехь кхоьллина? Бац, я хуьлийла а дац. Цундела хIора похIма долчу поэта шен иллешкахь муьлхха а хIоьттинчу хьолах барта дина говза хьесап дахаран масал а хуьлий дIахIутту.
Иштта, дIо деган генарчу кIоргера, йоккхачу тоьпо кхоьссина инзаре лоьлху хIоьънаш санна, дагах Iийдалуш, сина сеца а ца делла, аралелхачу дешнех кхоллалуш ду вайн махкахь а, арахь а вевзаш волчу поэтан Рашидов ШахIидан дуккха а иллеш. Шен дахарехь хIора бецан чемхалгах а тамаш беш, Дала Ша бен кхолла йиш йоцучу хазаллин мах хадо хууш волу, Iалам а, адам а даггара дукхадезаш волу къонах ву ШахIидан поэзин коьрта турпалхо. Iаламан а, адаман а исбаьхьалло йийсар виначу цунна дика хеза оцу хазалло бен тамашийна мукъамаш:
Беза буьзна бутт а стиглахь,
Буьйса серлайохуш.
БIаьсте, аьхке, Iаьнан чилла
Еза, маьрша йогIуш.
Цундела ду поэтан ШахIидан кхоллало иллеш оцу мукъамца нийса догIуш. Цо кхуллу исбаьхьа иллеш, шен чулацам къаьсттина дешнашца кхачийна боцуш, шеца дагана томе эшаран мукъаме озаца кхелина ду. Атта ду даг чу дижа, хIунда аьлча хIоранна а герга а, хьоме а, даг чу кхочуш а долу дела:
Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь:
Массеран дегнашка кхача,
Харц эшо, нийса некъ лаца,
Халкъана, махкана ваца,
Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь.
Шен халкъ а, Даймохк а, буьйцу ненан мотт а вовшехкъасто йиш йоцу цхьа синан чарх хилар къаьсттина дика гойту поэта. Билгалдаккха деза, шеца боккха социальни, гуманитарни, философски чулацам болу и кхетамаш поэта шен иллешкахь дукха хьийзош, дешархочунна кхета халачу а ца бохуш, паргIата, аттачу могIаршка дахкар. Иза поэтан доккха похIма хиларан билгало ю:
Нагахь со, Даймохк дIатесна,
Ненан мотт бицбина лелахь,
ХIай дог, ахь, цIеххьана сецна,
ТIулгал а сан дегI шелделахь.
Поэта Рашидов ШахIида иллех йиллинчу гIалахь уггар лекха, хаза «бIов» кIентан йоIе баханчу безаман цIарах йоьттинарг ю. ЦIеначу безамах Iийдалуш, езачун лаамах дахаран къилба а дина вехаш волчу турпалхочун доьналлех кхета хьал хир дац бакъволчу къонахчун бен, хIунда аьлча юьйцуш ерг, лоруш ерг, езаш ерг хьалха йоI, тIаккха нана йолу дела:
Хьуна лаахь, дуьне мел ду къайллах
ДIагIур ву со, шолгIа схьа ца ван.
Хьуна лаахь, зезаг хилла бай тIехь
Техкар ву со, дахар хаздеш хьан.
Рашидов ШахIидан исбаьхьа иллешна дахаран некъ боьллуш, зорба тоьхна дуккха а ю книгаш.
«Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь…» нохчийн халкъан поэтан Рашидов ШахIидан 75 шо кхочуш гергарчу наха совгIатна лерина вовшахтоьхна гулар ю – нохчийн халкъан хазна а хилла дIахIоьттина долу поэтан уггар девзаш а, дезаш а долу зевне иллеш. Цул сов, дешархочунна карор ду ШахIида цкъа а, цхьанхьа а зорбане ца даьхна керла исбаьхьа иллеш а.
ШахIид, Дала могашаллица дукхавахавойла хьо нохчийн халкъана!
Если вы нашли ошибку, пожалуйста, выделите фрагмент текста и нажмите Ctrl+Enter
Подпишитесь для обновлений