Выбрать страницу
chechen ornament grey
5
(2)

Шукри Харчо сийлахьчу жайна (Къуран) куьйга яздирга ву. Исрапилан кӀентан, Ӏумаран воІ ву Шукри, тайпана Пхьарчхо а волуш (Харчо аьлла фамили хиларха дуьцу уш маситта доьзалхо хилла цхьана нанас кхобуш, царах кхечу дена винарга а хилла, Iедалин тептарш тIахьа уьш массо а Харчо аьлчунна цIерах дIаязьина хилла). 1953-чу шарахь  Аль Къунетра боху гІалахь вина, цигахь а дешна ву.

Исрапилин Iумар
Исрапилин Ӏимран

Іаьрбийн йоза дукха хазахеташ а волуш, и Іамо тІаьхьа велира иза, пхиъъа шарахь доьшуш говзачу Іаьрбийн куьйга йозанчица болх бина цо. 1967-чу шарахь, Аль Къунетра гІалахь тІом баьллера, Шукри цигара Димашкъе (Дамаске) коьртачу шахьара ваха хиир. Цигахь юха а шен йозанан Іамора дІадоладира. Цул совнагІа, Сирийн республикан эскаран гІуллакхийн йозанан болх беш, картографически картанаш дохкуш болх бина цо ялх шарахь.

ТІаккха, Димашкъеха исбаьхьаллин институтехь Іаьрбийн йозанан хьехархо  векал вина болх тина ву иза. Каллиграфи Говзаллин а Деши Хьакхарна Институтехь  куьйгалхо лаьттина ву. цигахь 25 шо дІакхехьна, цуьнан дуккха а дешархой хилла, дуьнен пачхьалкашкахьа маІ-маІахь шайн белхаш беш, цу говзаллийн тІахьа хьалхара меттигаш йохуш.

Шукри Харчо

Доккха доьзалла ду вайна-м хиъча, вайн Шукрис а вайн Деза Жайна КъорІа борхІуза куьйга яздина, Сирийн Іедало зорбане доккхуш, цуо куьйга яздина КъорІа лоруш ду дуьнен юкъарраллашкахьа цу хьокъехь болу Іилман нах а. Иорданерчу Іедало а цхьа зорба даьккхира Шукрис биначу беркате болхах Аль-Хьусен Бин ТІалаль зорба аьлла.

Іарбийн йоза вайна ма хаъа тайпа-тайпанна ду, иза яздо куьца а иштта ду, ткъа цу хткъехь Шукрис маситта жайна ара хецна, ларрина кхечу къаьмнийх болу дешархошна  йоза Іамо, пайденна  жайнаш ду уьш. Уьш а къоман юкъарчу корпорацис Iqra, (Икъра) арахецна хилла Чикагохьа- Америкехь.

Кху деношкахь Шукри Іаш а вехаш Иорданехь ву, шайн болха дІакхехьаш ву хьальха санна. ХІинца йолу заманахь кхин а КъорІан йоза кеп кечеш ву.

 
 

Если вы нашли ошибку, пожалуйста, выделите фрагмент текста и нажмите Ctrl+Enter

telegram Подпишитесь для обновлений

Как вы оцениваете статью?

Средний рейтинг 5 / 5. Оценка 2

Если Вам понравилось...

Посетите нас на соцсетях!

wk stamp logo

 

 Получайте последние обновления и новости с сайта!


 

СПАСИБО, ВЫ УЖЕ ПОДПИСАНЫ!

Сообщить об опечатке

Текст, который будет отправлен нашим редакторам:

lamp web box pen badge Exclamation Triangle Check code