Выбрать страницу
chechen ornament grey
0
(0)

Хийрачу цу арахь

Кху харцчу дуьненахь – вовшашца къуьйсуш,
Эвхьаза дуьйлу вай дар – дацарш дуьйцуш.
Жимачо воккханиг – ца лоруш нисло,
Воккханиг жимчуна – бехк баккха сихло.

Со – ассий, бохуш, вай даррехьа лела,
Уггаре гIийлачун шех хеташ эла.
Пана цу махка вай дIаоьху денна,
Алийша соьга, нах, хIунда а, стенна?

Дицдо вай Дайбаьхна сихонца латта,
Ненан мотт дIатосу цигахь цхьа атта,
Шеко яц, ханъяьлча оьздангал, яьхь а.
Хийра мотт ненанчул дозал а хета…

Де – буьйса хийцалуш шераш а луьсту,
КIоршаме дош олий дегнаш а цоьсту.
ГIенаха буьйсанна Даймахке дуссу,
ГIелъелла ойланаш цIерга а юссу.

…Да – Нана дагдогIий дог буьйна къуьйлу,
И Iаббош делхарна кертах а дуьйлу…
Дайбаьхнач ярташкар дагдогIу кешнаш,
Цига дIакхийда – кха дог – ойла, дегнаш…

…Кху харцчу дуьненахь вовшаца къийсарх,
Юкъ – кара ца хууш эвхьаза дийларх,
Даймохк а дIатуьйсуш хIунд оьху дIа?
Ша дерриг дуьсур ду хила цхьа гIан.

Ненан мотт бицбича хIун дийр ду даьхна?
Хийраниг хиллехь а цхьан хенахь лехна…
Кашан барз хир бац вай Дайбаьхнач махкахь,
Хийрачу цу арахь дуьсур ду байлахь…

Примечания
ХIара байташ Фейсбукан тIехьа Умар Якиев, зорбе даьккхина.

Если вы нашли ошибку, пожалуйста, выделите фрагмент текста и нажмите Ctrl+Enter

Как вы оцениваете статью?

Средний рейтинг 0 / 5. Оценка 0

Если Вам понравилось...

Посетите нас на соцсетях!

wk stamp logo

 

 Получайте последние обновления и новости с сайта!


 

СПАСИБО, ВЫ УЖЕ ПОДПИСАНЫ!

Сообщить об опечатке

Текст, который будет отправлен нашим редакторам:

lamp web box pen badge Exclamation Triangle Check code